ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьцна 60 стаг


Лецначеран гергара нах
Лецначеран гергара нах

Интерфакс бечу хаамца, Нохчийчохь тIаьхьарчу масех дийнахь низамхоша лаьцна 50 тIемало а, царна гIо деш хилла нах а. Нохчийчуьрчу Iедалша хаам барехь, уьш ‘ДАIИШ’ тобанца уьйранашкахь бара. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, уьш кечлуш бара Нохчийчохь дIатарйинчу Оьрсийчоьнан танкан тIеман дакъ схьа а даьккхина, полисхой а, церан доьзалш а байина, Нохчийчохь хаос яржо. Лецнарш коьртачу декъана Курчалойн а, Шелан а кIошташкара бу. Ала догIу, лецначарна тIе я гергара нах, я адамийн бакъонаш ларъярхой буьтуш бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG