ТIекхочийла долу линкаш

Даханчу мукъачу деношкахь масех стаг дIалаьцна, кIира хьалха хIаллак- йинчу тIемалойн тобанера. Шелахь 3 стаг дIалаьцна, Нальчик-гIалахь 2 каравахна. И шиъ Нохчийчуьра ведда, регионера аравала гIерташ хилла аьлла дIакхайкхина. Иштта дIалаца аьтто баьлла, оцу тобанна лидер ву аьлла дIакхайкхийна-Дацаев Iимран а. Куршлойн а, Шелан а кIошташкахь иза лехна хиллехь а, иза каравахна Соьлж-ГIалахь «Минутка» олучу меттехь, базаран кертахь. Дийцарехь шен гобинчу низамхошна духьал граната а кхоьссина хилла цо. Цундела, схьахетарехь, 29 шо долу и жима стаг кхераме волун дела, шиммо куьйгашца дIа а лаьцна, дуьхьал хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. Цо, шен амалехь неIалташ а кхайкхош емал дира, цо арадаьккхинарг а, иза ша а.

Оцу Дацаев масех бутт хьалха нохчийн полисхо а вийна, аьлла дIахьедар дира Кадыров Рамзана. ДАIИШ-ан омрица дина хилла цо иза, бохуш чIагIдира. Шемахь йолчу оцу тобанера схьадогIуш ду и ша мел дерг. Цара вен аьлча, милла а вуьйр болуш бу хIорш аьлла шен амалехь дов дора республикан куьйгалхочо. Иштта иза цецваьллера, ДАIИШ-ан идеологин муха болу аьтто кегий нах Iехо а, уьш шайн могIаршка хIитто а, Нохчийчохь уьш кхетош-кхиоран болх жигара боьдуш боллушехь? И хаттар тахана а ду, Нохчийчохь уггаре а сагатдойтург.

ДАIИШ-ан еккъа цхьана пропагандо богIуш бац шен агIора и нах, аьлла хета юкъаралхочунна Апаев Асланбекан. Цу тIехь болх беш баккхий ницкъаш а, къайлаха сервисаш йолчух тера ду, аьлла дийцира цо Маршо радиога.

Апаев: «Церан пропаганда суна чIогIа ца хета. Иза къайлаха сервисаш кечйина ю. Нохчо, нохчочунна дуьхьал валар-маца дуьйна хилла хIума ду? Цуьнга ла а дугIуш лелош хIума ду цара. Ахча а, оьккхург а, ша ерриг ло царна. Вайна мичахь карор яра, масала масатоьпаш а, тапчанаш а, оьккхург а? Карор ма яц вайна, оьшуш хилча а».

Верриг Нохчийчохь кху кIирнахь дIалаьцна ву 50 сов жима стаг. Дукхахберш бехке беш бу, кхиберш шеконехь бу ДАIИШ-ца уьйраш хиларна. Шуьйрра кхайкхош дац, амма дIалацаза а нах хила мега аьлла хета тергамхошна. Официала хуькматашна гучуевлла, оцу тобанна Iалашонаш а. Уьш, дийцарехь тIелатар дан гIерташ хилла Шелахь йолчу танкан полкан а, Соьлж-ГIалана йистехь йолчу Ханкала базана а.

ТIом а, дерриг дIадирзина аьлла хетачу хенахь, хIара тайпа нах хилар а тамашина хета цхьаболчарна. Соьлж-ГIалара вахархочунна Сангариев Доккас билгалдоккху, масала, цуьнан бухехь кхин бахьанаш а хила мега аьлла.

Сангариев: «ТIом дIабаьлла аьлла хетачу хенахь, схьахезаш дерг дика хIума дац. Бойуш берш а нохчий бу, шинна а агIора. Нах махках бахар а дуьйцуш ду хIинца. Тахана хIара гIуллакх иштта дIадодахь, оцу даржехь болчеран доьзалш оцу ДАIШ-ах дIакхетахь, уьш а бевр буй махках? Я дIа а дижийна иштта дIаIийр бу?».

Шинна а тIамехь доккха Iазап лайначу нохчашна, меттахIотта хан оьшу, кIордийнера и чолхаллаш. Иштта ю дукхачу декъана юккъараллехь ойланаш. Къахета, Iеха а белла, шайн синойх сел атта къестачу кегирхойх. Маца догIур ду теша хIара метта, бохуш кхин дIа а дуьйцу вахархочо Сангариев Доккас.

Сангариев: «ХIара гIуллакх иштта дIадодахь, Нохчийчура ша верриг аравер ву. Иштта а бу дIаоьхуш, болх а, хIума доцуш. Террорхой а, антитеррорхой а бисина, вовшах летта, цхьаъ къастийна далахьара церан. КIордийна хIара ша дерриг».

ТIемалойн гергара нах махках бахар а жигарадолуш ду Нохчийчохь. Цоцин-эвлахь МускиевгIеран доьзал а арабаккха сацам хилла юьртахойн. И жамI дан шозза гулам бинера цигахь. Халла, ца бевлла тIеэцна цара иза.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG