ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьан вийна Соьлжа-ГIалин вахархо?


Нохчийчохь тезет

Итт дийнахь лехначул тIаьхьа вийна карийна Соьлжа-гIалин кIоштан вахархо. Цунах хилларг ца хууш, итт дийнахь лехна Соьлжа гIалин кIоштан 2-молсовхоз а, Кен-юрт олучу эвларчу бахархоша кху бетта 2-чу дийнахь доьза вайна Iаьрби цIе йолу стаг. Хуучара дийцарехь маларх кхеташ хилла хаамза вайнарг. Мелла хаабелла нах, ницкъаллин структураша дIа а буьгуш, белхаш бойтуш шатайпа махкахь ламаст хиларна, цIерачарна моттане а моьттуш ца хилла шайн стагца цхьа доьхнарг нислур ду.

Бакъду, итт дийнахь-бусий, Iедалан гIуллакхехь болчаьрга а орца доьхуш,лаьмнашкахула биста кхаччалц лехначул тIаьхьа, юьрта кешнашна юххехь кху дечке беттан 11-чу дийнахь велла карийна 60 шо долу вахархо. Юьртахоша дийцарехь муьлш бу ца хуучу наха вен а вийна, схьадеъна, охьакхоьссина ду цуьнан дакъа кешнашна юххе. Цу дийнахь низамхоша дIа а дехьна, цунна зераш дина, тIаккха 12 –чу дийнахь Iаьрби лаьтте верзийна гергарчара.

Цхьаболчара чIагIдарца, кхузахь бинчу талламах бIо ца булуш, шайн стагах хилларг билггал хаа цIерачара кхечу меттехь экспертиза еш, докъана зераш дайтина коше кхачале. Цунах а, Iожалле кхачийначух шайна хIуъчух а дуьйцуш ду цу эвлара,шайн цIе йоккхийла ца лиъна зудий, майрий.

Бахархой: «Цхьацца белхаш беш-м вара иза йолаха, Iедалан балхахь вацара. 60 шо долуш стаг вара. 2-гIа чохь дIавигна вара,11-чу дийнахь карийна. Цу дийнахь Iедало дIавигна схьа ца велла 12—чу дийнахь бен. Цу диннахьехь дIа а верзийна. Еарийн дийнахь ду-кх иза. Кешнашкахь охьавиллина карийна. Маларх кхеташ ву бохура иза. Кхин муха хIун ду вайна хуур ма даций…»

Цхьаболчарна хетарехь мелла хилар доцург кхин даьлла хIума а доцуш лаьцна вигинчу Iаьрбис дуьхьало йинчух тера ду шена ца богIу тIеIаткъам бан болийча. Болх ца беш дуьхьалаваьлла хила а тарло боху кхечара. Мухха делахь а, гергарчарна вуно онда дагахьбаллам а буьсуш, Iожалла карийна рогIерчу могIарерчу вахархочунна. Ницкъаллин структураш тIех шовкъе хьийзар бахьнехь нислучу бохамаша вайнехан юкъараллина дечу вонех шен хьажам бовзуьйтуш ву, ткъа шарахь сов низам,къепе ларьеш къахьегна,тахана пенсахо волу цигга Соьлжа гIалин кIоштера вахархо Мохьмад. «Цхьана агIор дахар тоделла,адамаш ирсе ду, оьшуш хIума дац,бохуш дIакхайкхош ду, ткъа вукха агIор маьрша стаг дIа а вуьгий жIаьла санна вен а воьй охьакхуссу. Молуш вара аьлла, я цу стеган шен хьажам бу олий садаккхар муха ду? Ишта таIзар даро мел дика дика дойу». Цу кепара шена хетарг довзийтинарг ву Соьлжа-гIалин кIогтера вахархо Мохьмад.

Дагахь а доцуш, олуш ма-хиллара шерачу меттехь, харц тIеIаткъам бахьнехь нисбеллачу бохамах дош аьллачу Мохьмадна моттарехь, цу могIарерчу гIайгIанечу хиламаша, адамийн дахар цуьрриг мехала цахетаро, ницкъаллин структурашкахь болчеран челакхалло, махкахойн аьттонна, дахаран хьелаш тодан тIехьажийна йоху мел беркате гIулчаш а, Iедалх тешам а бойуш, ченала а хьакхайой дIайоху. Мохьмадна хетарехь и тешам юхаберзо атта хир дац, нагахь берзалахь а.
Велларг мел маларча хиллехь а, бахархошна дазделла бежана санна ден а дийна адам охьакхоссар. Юьртахошлахь дуьйцуш ду цхьанхьа вен а вийна схьа валийна кешнашна гергахь иза охьакхоссар. Экспертизо а тоьшалла дина боху Iаьрби миллий, мацаллий велла хилар хьокъехь.Цул сов жаIуьно а даре динчух тера ду сарахь ша уьстагIий цIа далош, цу меттехь и дакъа дацара аьлла. Цунах дуьйцуш ю лула юьртара яхархо.
Яхархо: «Жа чулоллуш жаIуьнна а ца гина цу меттехь дакъа хьалхарчу дийнахь. Iуьйранна юха жа арадоккхуш гина цунна. Къаркъа малар доцург цхьанна а новкъа стаг ца хилла бохуш дуьйцу цуьнан гергарчу йоIа, ур-аттал чохь дов даьккхина а. Дош аьлла а политикаца бала болуш стаг хиллачух тера а дац и миска. Дуьххьара дIа шена караеъначух кепеках молуш хилла-кх цо…»
МогIарерчу наха мукIарло дарца ишта, кховдош бехка боцуш, маьрша нах дIа а буьгуш, шайггара кхел яро ладегIам сов боккхуш, дебабо вайнахалахь кхерам а, цабезам а.

Коьрта теманаш

XS
SM
MD
LG