ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн зуламхо дIавала тарло ГIиргIизойчоьнна


ГIиргIизчоь -- зуламхойн хьалханчу Батукаев Iазиз Нарынерчу набахте чохь.ой

Оьрсийчоьно ГIиргIизойчоьнна дIавала тарло зуламхойн хьалханча лору Батукаев Iазиз. Батукаев Iазиз нохчо ву. Москох еанчуьра иза ГIиргIизчоьнна схьавалар дийхира ГIиргIизойчоьнан инарла прокурора Джолдубаева Индарас, хоуьйту цу пачхьалкхан набахтехула йолчу хьукмато. Билгалдаккха деза, 2006-чу шарахь наркотикаш йохкарна а, царах пайдаэцарна а, бакъонехь доцуш герз эцарна а, Iалашдарна а, цу пачхьалкхехь къепе йохон нах гIовторна а, Батукаевна 16 шо а, 8 бутт а хан туьхира. 2013-чу шарахь Нарынскан гIаларчу кхело арахийцира Батукаев цуьнан доIахан цирроз цамгар ю, аьлла диагноз а хIоттийна. ТIаьхьо Iораделира цуьнан могашаллах долу и кехаташ харц хилар. Оьрсийчоьнан прокурора Чайка Юрийс чIагIдарехь, Нохчийчохь набахте чохь хан токху Батукаев ГIиргIизойчоьнна дIавалар юха а айадийра ду иза Нохчийчуьрчу набахтера аравелча.

XS
SM
MD
LG