ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь лаьцна нохчийн киллер Зона?


Украина - Украинан байракх полисхойн машенахь

Украинан хаамийн гIирсаша хаамбарехь, Киевехь лаьцна Зона цIе лелон нохчо. Иза вевза тайп-тайпанчу цIерашца - Темур Махаури, Руслан Папаскери, Али Дабуев. Иза Украинехь дIасалелаш вара гуьржийн номерш а йолуш машенахь. Сацийча, цуьнгахь герз а, шейх Мансуран цIарх йолчу баттальонан декъашхо ву боху тоьшалла де кехат а дара.

Дагадаийта догIу, 2012-чу шарахь иза Туркойчохь лецнера низамхоша. Иза бехкевора Имарат Кавказан векал Атаев Муса верна. Таллам дIахьочу хенахь, туркойн зорбано чIагIдарехь, гучуделира Зона оьрсийн а, гуьржийн а (Саакашвили президент волчу заманехь) къайлахчу сервишца болхбеш хилар. Цара дIахьедарехь, иза ФСБ-н киллер вара, ахчанна нах бойуш.

2015-чу шарахь иза Истамулерчу кхело арахийцира. Цкъачунна хууш дац Зона Украине муьлхачу Iалашонна вахнера я иза цига хьа хьажийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG