ТIекхочийла долу линкаш

Истамулан губернаторо Топбаш Кадиро шинарин дийнахь дIахьедира, "Рейна" клубана тIелатар дина шеконехь хиллачу Машарипов Абдулкъадира дарре дина и зулам ша дина, аьлла, хоуьйту CNN Turk. Губернаторан дешнашца, иза бехке хилар гойту цуьнан пIелган тIаммагIанаша а. Губернаторо дийцарехь и тIелатар дина 'ДаIиш' тобан цIарх.

Хьалхо Туркойчоьнан пачхьалкхан телевиденино хаийтира, Машарипов полисхойн операцехь Истамулехь дIалаьцна хилар. Зорбанаша иза Туркойчуьра аравала кхиина боху дина дIааларш харц хиллера.

Ма-хаарра, Истамулерчу клубехь герзанца динчу тIелатарехь кхелхира 39 герга стаг, 70-на чевнаш йира. Динчу тIелатарна жоьпалла тIеийцира 'ДаIиш' тобано.

XS
SM
MD
LG