ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь дуьххьара ду вахархочунна дуьхьал Iедале айкх ца валарна дов айдеш – иза Нохчийчохь хилла.

Кху беттан 13-чу дийнахь Соьлжа-ГIалара Заводан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Хизриев Асхьабан дуьхьал дов листа долийна. Иза бехке веш ву Iедале айкх ца валарна. Талламо къастийна, цуьнан вевзаш волу Сафин Фарид, Шемарчу тIаме ваха гIерташ хилар шена хуушшехь, цо Iедалшка хаам бина ца хилар.

Цуьнца доьзна кху кIирнах Маршо Радионо хIоттийна хаттар:

Шуна хIун аьлла хета, Iедале айкхвала мегаш дуй хьайна цхьа стага зуламдан волий хиъча?

Бийлиний вай дай Iедалшка айкх?

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG