ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн Iаьрбийчоьнна гIо дийр ду боху Евкуровс


Оьрсийчоь - ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнусбек а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Оьрсийчоь - ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнусбек а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнусбека ша СаIудийн Iаьрбийчоьнна гIодийр ду аьлла цу пачхьалкхан Москохарчу векалтана керла гIишло яккха а, цу мехкан бахархошна визанашца йоьзна проблемаш аттанче яха а.

Иза дIахьедар Евкурова дина СаIудийн Iаьрбийчоьнан пачхьалкхан коьртачу векалца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа. Хиллачу цхаьнакхетарехь векало Евкуровига накъосталла дар дийхира шен пачхьалкхан векалтан керла гIишло яккхарна тIехь, хоуьйту ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-сервисо.

Цул сов, векало Евкурове дIахаийтира тIаьхьарчу хенахь иттанийн СаIудийн бахархошна хьовзам баьлла Оьрсийчу визанаш яхарца. Цу шина проблемах йист йоккхур ю аьлла дош делла Евкуров Юнусбека.

ГIалгIайчоьнан куйьгалхочо дIахьедира гIалгIайн Iедалан тоба тIебогIучу чиллан-баттахь СаIудийн Iаьрбийчу яха лерина ю, ткъа СаIудерчу тобанан ГIалгIайчу я Iалашо ю зазадоккху-баттахь, аьлла.

Ала догIу, масех бутт ша-тайпа Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьанчу бусалбачу конференцино суфийн тIарикъаташ лелон нах бен бусалба бац боху фатва тIеэцначул тIаьхьа, Кадыров Рамзанца йолу юкъаметтиг СаIуидийн Iаьрбийчоьнан телхинчух терра ду. Цундела, царна тахана Оьрсийчохь Евкуров гучухь хетало Оьрсийчоьнан бусалбачу регионийн куьйгалхойх уггаре а шайна тов куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG