ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатуев Хьусайн. Ненан мукъамаш


Сатуев Хьусайн. Ненан мукъамаш

Хан йоцуш набарха юьйлуш,

Со вакхо аганах таьIча,

Мерза наб сан коьрте кхуьйлуш,

Ахь суна мукъамаш баьхна.

ДIатесна Iиллина ага,

Со когаваханчу хенахь,

Керлачу мукъамца, нана,

Ахь новкъа хьажийра гена.

Аьрхачу цу новкъахь тилла,

ГIелвелла, де эшна вужуш,

Со гIатто дарбане хилла,

Хьан эшарш екара суна.

ЙогIура тIемашка йолий,

Йистйоцу дозанаш хедош.

Со воккхуш нийсачу новкъа,

Нана, хьан аз дара декаш.

Хьан сирла мукъамаш, иллеш,

ЦIе санна, сан дагца кхерста,

Со церан ницкъаца лелла,

Даймехкан воI хуьлуш веъна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG