ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чири-Юьртарчу ишколан директор бехкево хьарам ахча доладаккхарна


Нохчийчоь --Соьлжа-ГIалара, 2016

Ишколийн хьаькамаша хьарамлонаш лелор тамашена ца хета цхьаболчу бахархошна.

Кху бетта 18-чу дийнахь Талламан комитетан урхаллин хьостано хааме даккхарца бехктокхаман гIуллакх а долийна жоьпе ийзош ву Шелан кIоштан Чири юьртарчу ишколан директор лаьттинарг. Цунна бехке дуьллург ду 5-6 шо хьалха ца бинчу балхана бина аьлла,цхьа белхало дIа а язвина, харц кечдинчу кехат-тоьшаллин бух тIехь хьарам ахча доладаккхар.

Ишколан куьйгалхой балхара дIабахар а,кхела хьалха хIиттор а Нохчийчохь керла муххале а дац,мелхо а кест- кеста тергаллуш бакъдерг ду ала а тарло. Изза хьарамлонаш бахьнехь,куьйгана цIена ца хилла аьлла,даржера вохийна Шелан гIалин цхьана ишколан директор. Балхара мукъа а ваьккхина,бехк токхаман гIуллакх а долийна чуволла хьийзина Ведана кIоштан ЦIе-Веданан ишколан директор а. Балха тIехь къайлах-къулах лелийна цхьамогIа харцонаш гучу а евлла, балхара йоха а еш,кхела хьалха хIоттийна Теркйист кIоштан Лаха-Неврерчу цхьана ишколан хьаькам а. Бакълена а шайн даржах пайда а оьцуш,хьарам-хьанал къестош боцу директорш дIабахар новкъа ца догIурш дукха бу. Иштачех ю СоьлжагIалахо Бирлант.

Бирлант: «Хьарамлонаш лелош болу директорш дIабахарра-м новкъа дацара. ХIунда аьлча,кху хала еъначу заманахь,харцонаш а лелош нехан хьакъ дууш уьш болу дела. ГIаланаш санна даккхий цIенош, ва цIен моха боккху кетарш. Алапех тIеюхуш мА яц уьш. Хьарамлонаш лелош бу . Бакъ харц ца бохуш, катухий хьехархойн алапех а киртиг йоккху. Ишта болх беш боцурш тIе а язбеш хIумнаш а леладо. Хьарамлонаш лелош берш дукха бу. И санначарна таIзар дича,цхьана хорша а дирзина, дешар жимма а лартIа догIур дац те?».

КIеззигчарна хетарехь хьарамлонаш ца лелийча гIуллакх хир доцуш хьелаш ду лахарчу доьшийлашкахь маьхькIамхоша кхоьллинарш. Уьш доьзна ду иттаннашкахь,хаддаза,юх-юха а деш долчу,балхаца догIуш доцчу тIедахкарех. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Шелковск кIоштера вахархо Шамад. Адам ца тешшал тамашениг ду боху Шамада, тIехь доцу декхарш кхочушдойтуш,беш ницкъала тIеIаткъам боллушехь шайн лаамехь балхара дIабовла луу хьаькамаш цахилар. Шамад ву вистхуьлуш.

Шамад: « Валлай цхьана агIор ахь дIа ойла йича,оцу директорийн а бац кхин дIоггара бехк. Царна лаахь а,ца лаахь а цаьрга лела а йойту хьарамлонаш. Хьажал, 5 эзар схьадаийта олий «Коллизей» олучу спортан къийсадаларш дIахьучу меттера бтлетап дохкуьйту. И ахча охьадилларал сов цига-м нах бига а безий! Уьш цига дIабига машен лаца езий? И дерриге а ахча ма ду. Директорна мича дала деза ахча хьехархошкара схьа ца даьккхича, я цхьа харцо ца лелийча? И даздарш,ловзарш къаьхьде ма ду. Цига массанхьа а кхачош берш хьехархой бу-кз очарт а хIоттийна. Уьш мел баккхийбеш боьду цига хуур ду цара кхайкхо наьIалташ хезча.»

Бахархоша даре дарца цхьайолчу ярташкахь хьехархоша дуьхьало йина,дешархойн кхетош-кхиорца,царна хьехарца,хаарш даларца дозаделла доцу хIумнаш тIе а лоьцур дац, я цхьацца синкъерамашкий,ловзаршкий лесташ харж –токхамаш а бийр бац шаьш аьлла.Цу кепара барт хиллачу ишколашкахь ерриге харж яр ддиректоршна шайнне дисна. Иза бахьнехь цхьаболу хьехархой балхара дIабевлла а, дIабаьхна а масалш а ду дукха дацахь а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG