ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъешца а тIом бо Оьрсийчохь


Вийна полисхо Нохчийчохь
Вийна полисхо Нохчийчохь

Бутт хьалха Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар а дина байинчу тIемалойн декъий, лар а йоцуш дIадоьхкина хилар хиъна, царах цхьана гергарчо журналисташка хаам бинчул тIаьхьа. Мичахь, муха дIадоьхкина уьш хоуьйтуш дац. Цуьнах хаам бийра болуш а бац нах. Хууш дерг ду, уьш цхьана ор чохь Нохчийчохь дIадоьхкинийла. Цхьацца дийцаршца Науран кIоштерачу набахтийн кертарчу кешнашкахь дIадоьхкина а хила мега уьш. Кхузахь хIорш бу дIабоьхкина аьлла цхьанна а тайпан билгалонаш а ца хIоттайо Iедалша. Иза деш ду, декъий схьа ца дахийтар а, царна тIе зиярт дан нах ца эхийта а.

Уьш къайлаха дIадохкар тIедиллина ду лерина оцу гIуллакхан билгалбинчу нахана. Амма царна а хоуьйтуш ца хуьлу, дIавуллуш верг мила ву.

Оьрсийчоьнан низамашца, дихкина ду терроран тIелатаршкахь дакъалаьцначеран декъий гергарчарга дIадала. И низам Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо тIеэцнера 2003 шарахь. Дукха а юристаш дийцуш дара, иза коьрта низаман масийтта артикал йохош ду аьлла. 2012 шарахь дийца долийра иза юхадаккха мега аьлла. Амма Кремлера дIахьедар дира, иза дийр долуш дац аьлла.

Хийла нохчийн тIемалойн дакъа дIа ца делира цул тIаьхьа. Масхадов Асланан гергар нах тахана а бу, цуьнан дакъ мичахь ду а аьлла, иза бусулба динехь ма доггIу дIадоллийта бохуш. Гелаев Руслан Дагестанан лаьмнашкахь веллачул тIаьхьа, цуьнан дакь схьалур ду аьлла дуьйцуш дара. Юьртахь хIоттийна тезет а, даьккхина каш а дара. ХIинжа-гIала иза схьадан машенца бахнера цуьнан гергар нах. Уьш чу а бахкийтина, билгал иза ву аьлла тоьшалла а дайтина, дакъ дIадахьа бакъо ца еллера царна. Дагестанан прокурора царах цхьаъ йистах а ваьккхина, шен карахь хIума дац, хIара Москохара омарца ду, аьлла бехказа вала гIоьртинера.

Нохчийн юккъараллехь дIа мел хаьттинчо емал до декъий, уьш милла а белахь, гергарчаьрга дIадохка дIа ца далар. «Нохчаша хIинцалц декъешца тIом беш ца хилла»,- олу цхьаболчара. Абуев Мохьмада, иштта элира цу хьокъехь.

Абуев: «Вайн ворхIе де дуьйна дIавер-схьавер хилла ду. ЧIираш а хилла. Амма цкъа а дакъ дIа ца луш хилла дац. Цхьайолчу хенахь, дакъ нийса неIарга схьадахьаш а хилла. Тахана и декъий дIа а луш хIума хилча, вай сийлахь а долуш хира дара-кх. ДIавуьйш верг, схьавуьш верг а вайн стаг ма ву. Схьадуьйла, аш ца сацийнехь, шу стаг оха сацийна шуна, схьа а эций дIаволла иза, аьлча дика хир ма дара».

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, декъий дIа ца далар а, цаьрца тIом бар а, нехан оьгIазло алсам ялийта лелош хIума долуш санна нисло. Цхьана агIоно адамалла гайтича, тIаьхьа тIе хин болчеран ойла кхоллалур яцара теша, цара юьйцург харцо а ма яц, хIунда довлуш ду вай царна дуьхьал аьлла, шена цунах хетарг Маршо радиога дуьйцу Магомадов Валида.

Магомадов: «Шайна луучу хьойла цара и декъий. Цара жоп дала-м деза хьуна. Путинан а, цунна тIаьхьабевллачеран хIума дара иза. Жуьгтиша Iарбойн декъий дIа ца лой, хаькхийн цIокан юккъе хьарчадой, бохуш, церан хIума ду иза».

Нохчийчоьнан прокуратуро а дIахьедар дина, бутт хьалха хиллачу тIелатар толлуш, цунна юридикан агIорара кхоччуш мах хадийна бац аьлла. И кхачамбацарш дIадаха аьлла тIедожийнера цо, меттигерчу ницкъаллийн структурашна. Цул тIаьхьа бина декъий, мичахь а ца хоуьйтуш дIадохка деза аьлла болу сацам.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG