ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чабаев Лоьма. Юхаъ со кху лаьтта...


Бетельгириев

Хьусайнна.

Юхаъ со кху лаьтта чов яхьаш воьсси,

…Хьовсийша, вайн дуьне бордаха деца!

Iаьржаниг лоькхуш го шайтIанан левси.

Цхьа а вац кху мехкан доьхна дог эца.

Ткъа КIайниг эвххьаза зуьдах тардина –

Шершад шех бинчунна доьлийца иза!

ХIун де ас иллешца доьлхучу синна,

Хилча и ца лууш гаттонехь хьийза?

ПIелгаш тIехь салоташ дохучийн махка

Маликаш кхайкхарх а хьаьгаш дац дисса,

Готтачу лахьтанах даймохк бу бахарх,

Хир ма бац, мостагIий, эрна ма къийса!

Со вожош, сан лаьмнаш, хезарий щуна?

Къурд аьлла-м вац шуна кегдарх а пIендарш.

Ца хийша чIагIо ю чалтачийн шуьне,

Белхор бу ца къарлуш маршонна пондар.

Iаьржаниг лоькхуш го шайтIанан левси.

Ткъа КIайниг эвххьаза зуьдах тардина.

Тахана ас шуьца сайн илли къевси,

Ткъа кхана кхин вогIур шаьлта ирдина.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG