ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар дика демографин хьал долчех ю кхоъ Къилбаседа Кавказера республика.


Оьрсийн ахархойн зудбераш, 1909-гIа шо
Оьрсийн ахархойн зудбераш, 1909-гIа шо

Оьрсийчоьнан могушаллин министералло хааме даьхна демографин хьокъехь керла терахьаш. Уггар дукха бераш дуьненна тIе девллачу пхиъ регионах кхо регион Къилбаседа Кавказехь ю, хоуьйту "Газета.Ру". Цу министераллин хаамца, уггар дукха бераш дина Ямало-Ненецан автономин областехь. Цул тIаьхьа йогIуш ю Дагестан, Тува, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, ткъа уггар дукха "нах" лечех ю Пскован област.

Могушаллин министералло билгалдоккху, нах баларш тIаьхьарчу хенахь жимма лахделлехь а, бераш дарца доьзна хьал Оьрсийчохь жимма бен тоделла ца хилар. Таханлерчу дийнахь Оьрсийчохь демографехь кхолладеллачу хьолан бахьанехь 2025-чу шарахь 20 шо хета зударий 2010-чу шарахь хиллачул 1,6-за кIеззигах хир бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG