ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маттис Джеймс - Цхьаьнатоьхначу Штатийн керла Пентагонан куьйгалхо


Маттис Джеймс даржан дуй бууш ву, вице президентана Пенс Майкана. Дечкен-беттан 20-гIа де, Вашингтон

ПIераскан дийнахь официале кепара Президентан даржан декхарш кхочушдан волавеллачу 45-гIа Цхьаьнатоьхначу Штатийн Президент Доналдас дуьххьара низамаш тIеэцна.

Цо куьг таIийна бакъо елира Маттис Джеймсан тIеман секретаран декхарш кхочушдан. Ала догIу, Джеймс эскарера пенсе вахана кхо шой бен дацара, ткъа керлачу дарже дIахIотта низамца иза эскарера дIаваьлла 7 шо хила дезара. Низам ишта делахь а, Президентан бакъо яра омрица Джеймс цу даржехь тIечIагIван.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG