ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адам а, Межиев Салахь а Шема вахана


Коллаж Делимханов Адам
Коллаж Делимханов Адам

Делимханов Адам а, Межиев Салахь а Шемахь ву. Цунах хаамбо Шемарчу Асадан Iедалан доларчу http://www.sana.sy зорбано кху шена агIонехь http://www.sana.sy/?p=497970. Цу агIонан дIахьедарца, Делимханов Шемарчу Аллепо гIала а вахна, Аллепон кIоштан губернаторца Дияб Хусейнца цхьаьнакхийтира, террорана тIехь 'баьккхинчу толамца' иза а, шемхой а, Шеман Асадан Iедал а декъалбархьама. Демилхановс Нохчийн республика Аллепо меттахIотторехь гIодан кийча хилар дIахаийтира цигарчу Iедале. Цул сов, церан тидамза ца дисира террорхойн зуламаш емалдар а. Цу хьокъехь, Межиевс террорхой бац бакъболу бусалбанаш элира. Дияб Хьусейнс Шемарчу Iедалан а, нехан цIарх а баркалла элира Оьрсийчоьнна а, Нохчийчуьрчу Iедална а, нахана а, цара террорхошна дуьхьал гIо деш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG