ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маха цатохийтинарг - мостагI?


Цхьацца лазарш берашка ца лехьадайтархьама, церан иммунитет чIагIйо шаьш аьлла хетачу лоьраша декхаре бо дай-наной берашна вакцинаци яйта. Ткъа вукхара и тIе ца дуьту.

Советан заманахь дуьйнна схьадогIуш дара нах лоьрех а, хьехархойх а тешаш, цара аьлларг бен бакъ ца деш.

Берийн беша я школе бер дIадахийтича, паргIат хуьлура дай-наной, цара Iуналла дийриг хиларх, кхетош-кхиорехь доккха дакъа лоцург а хиларна.

Иштта лоьрех а тешайора шайн могушалла.

Ткъа тIаьххьарчу иттех шерашкахь цхьа карчам хилча санна адамийн синкхетамехь, тергалло кхачо йоллуш Iуналла цадар берийн бошмашкахь, хьехархой а ца хилар тоххара санна доггах.

Иштта тешам байна лоьрех а.

Бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа кеп-кепара берашна детта мехий яздо лоьраша, масала дифтерина дуьхьал, полиомиелит къахкош, корь, ветрянка, туберкулез олу инфекцин лазарш а юхадохуш.

Могушаллан министралло тIе мухIар а таIийна рузма ю, шен-шен хенахь вакцинаци яр тIедожош, хенашца билгал а яьккхина, арахецна.

Бахархойн латкъамашка ладоьгIча, оцу деттачу мехаша берийн могушалла талхийна меттигаш дуккха а бу, амма оцу зен динчу лоьро жоьпалла я шена тIе лаьцна а, я бехкечу лоьрана таIзар дина меттиг банне а бац.

ХIара шо кара деачхьана Нохчийчохь йолийна берашна полиомиелит ца хилийтархьама вакцинаци яр. Юкъараллехь йоккха гIовгIа эккхийтина оцу гонах, цхьана агIор дайша-наноша, вукху агIор Iедало а, лоьраша а.

Берашна мехий деттийтар тIедожийна могушалла ларъяран министралло, ткъа дуккхаъ наной дуьхьал лаьтта, шайн берашна инфекцин лазарш ца даржийта аьлла юкъаяьккхинчу вакцинацина.

Маьршачу пачхьалкхехь адамашна елла бакъонаш ца лоруш, мехий ца деттийтуш, дуьхьалбевллачу дайша-наношна тIеIаткъам бан некъаш карийна Iедална.

Соьлж-ГIаларчу цхьана берийн дарбан цIийнерчу лоьран кхайкхам бу хIара, Маршо Радионе ладогIархоша схьакхачинйа.

Мехий ца деттийтахь, кIоштан администрацин, Динан урхаллан белхахой а юкъаозор бу шаьш боху цо, дайшца а, наношца а и гIуллакх къовса.

Къастор ду, хIунда ца йойту вакцинаци

Лоьран аз: "Лераме коллегаш! Леррина ладогIалаш! Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу кхеташонехь республикан коьртачу лоьро дIакхайкхийна, полиомиелитна дуьхьал маха ца тохуьйтуш дуьхьалояр тIе ца лоцуш цахиларх.

Дайшка-наношка дIахаийта, нагахь санна, и маха а ца тохийтина цомгуш хиллачу берана социалан гIо Iедало кхачор ца хиларх а, заьIап хилар тIечIагIдеш, пенси хIотон кехат а лург ца хиларх а. Дуьхьал болчу дай-нанойн цIераш тхоьга схьакхачае, церан цIа гIур ю кIоштан администрацин, Динан урахаллан векалийн комисси, деца-ненаца къамел дан, мича бахьанашца ца йойту вакцинаци къасто"

Iедалан дIахьедар мел луьра делахь а, дуккха а бу мехий ца доьттуьйтуш, дуьхьалбевлларш. Цара массара а бохург цхьаъ ду, оцу вакцинацис кIад а ца до, я шайна баккъал а хууш дац и хIун тало ду цара берашна чудуьттург.

Маршо Радионо къоначу дайшка-наношка хаттар дира, йойтий аш шайн берашна полиомиелитна дуьхьа аьлла тIейожийна вакцинаци. Шайн берийн могушалла тергонехь латточу цара цхьабоса дIахьедо, уьш йича а, ца йича а цхьацца сиркхонаш бераша лехьош хиларх.

Со дуьхьал ву мехий деттийта

Рустам: «Вакцинаци ас йойтуш яц кху чуьрчу шина йоIана. Дала яздинчух ишта а вера вац. Со дуьхьал ву мехий деттийта».

Элита: Ас сайн шина кIантана йойтур яц! Суна хIун хаьа, цара хIун ю цунна тухург. Беро лов ца лов а ца хьовсуш, мехий дIатуху лоьраша. Полиомиелитна дуьхьал маха ца тоьхнера аьлла, паралич хилла бер суна ца хезна ду бохуш, дуьйцуш.

Мехий цатоьхнера аьлла, бераш цомгуш ца хилла сан

Луиза: «Ас сайн кхаа берана шо кхаччалц яйтина лоьраша бохху вакцинаци, амма цул тIаьхьа, интерентчохь цхьацца хIуманаш дешчхьана со кхераелла, дуьхьал яьлла мехий ца доьттуьйтуш. Уьш цатоьхнера аьлла я бераш цомгуш ца хилла сан, нехачарна кхета я грипп кхетта а».

Ткъа Соьлж-ГIалара яхархо, банкан белхахо Тамила догреза ю шен берашна могушаллан министралло юкъаяьккхинчу рузмаца а догIуш, шен-шен хенахь вакцинаци яйта.

Ас яйтина сайн шина йоIана вакцинаци

Тамила: «Могушаллан министралло юкъаяьккхинчу рузмаца а догIуш, шен-шен хенахь сайн шина йоIана вакцинаци йойту ас. Полиомиелитна дуьхьал ерг а ейтина, хIунда аьлча, и уггар а хала лазар ду, цунна цхьа а дарба а дац. Социалан машанашкахь дуьйцу, "яйта мегар дац, кхераме ду", бохуш.

Ас тергал а ца до и къамелаш. Цхьа а медицинан бух а боцуш, шайна хетарехь дуьйцу хабарш ду уьш».

Оршотдийнахь Соьлж-ГIаларчу цхьана берийн бешан медйишас Ватс Аппехула дIасабаржийна керла хаам. Цо бахарехь, школазхой кхиоран Департаментан омрица, кху беттан 23-чу дийнахь дуьйнна берийн бошмашка чудуьтур дац цхьа а бер, церан карахь полиомиелитна дуьхьал мехий тоьхна хилар чIагIдеш кехат-тоьшалла ца хилахь.

Мехий тоьхна доцу цхьа бер дуьтур дац берийн бошмашка

Берий бешара медйиша: «Кху беттан 23-чу дийнахь дуьйнна берийн бошмашка полиомиелитна дуьхьал мехий тоьхна бераш бен дуьтур долуш дац. Лоьро куьг а яздина, поликлиникан мухIар а таIийна хила еза и кехатан чIагIо».

Шен-шен хьежам бу тергамчийн оцу кхолладеллачу хьолана гонах. Амма царех доккхачу декъанна хетарехь, оцу мехаша юха ца туху цхьа а лазар, мелхо а, карзахдоккху.

Гарехь, бахархойн могушалла эшар цхьанна пайден ду, хIунда аьлча, дарба лоьхучара яккхий харжаш йо молханаш латтош. Иштта кхетам бу церан.

Иштта Соьлж-ГIаларчу беринй инфекцин отделенин медйишас бакъдо, кху деношкахь полиомиелитна дуьхьал йина вакцинаци юххьаяьлла меттигаш хилар.

Лахе сецна оцу беран

Инфекцин медйиша: «Полиомиелитна дуьхьал вакцинаци йина бер охьадоьжна шолгIа меттиг нисбелла суна хууш. Цхьаъ 4 шо кхочуш кIант ву. Лахе сецна ву иза. И ца вуьгуш меттиг ца битира волучара, амма гIоле ца хилира. Кху беттан 18-чу дийнахь кхи цхьаъ а валийнера тхан дарбан цIийне, бага полиомиелитна дуьхьал долу малха доьттина аьлла, кхоалгIачу дийнахь юх сецна вара и 2 шо долу кIант».

Гуш ду, Оьрсийчохь Конституци хIета а, вета а лоруш цахилар. ХIунда аьлча, стаг шен лаамехь хила веза низамашца дуьстича.

Бакъо ю цуьнан, шена лаахь яйта берашна вакцинаци, шен дегайовхо лаьтта лор а къастош, ца лаахь а ю цуьнан иштта бакъо, дуьхьало ян а.

Кхеташ ду, Малхбузерчу цхьайолчу пачхьалкхашкахь а ю берашна цамгар ца ялуьйту агIо лелорхьама мехий деттаран арахецна рузма.

Ткъа кхечу мехкашкахь могушаллина дуьхьа кховдадо адамашка медицинан гIо, амма лаахь а, ца лаахь а аьлла, тIедожийна дац.

Амма цигахь кхачо йоллуш кечамм бо иммунизаци еш, тоьхначу мехе цхьана а кепара берана зен ца дайтархьама.

Делахь а, вакцинаци ца яйтинера аьлла, бер я ишколе, я берийн беша дIа ца эцна а, я да-нана кхеле озийна, я цхьана а кепара Iедало таIзар дина меттигаш ца хуьлу цигахь.

Ткъа Нохчийчуьрчу Iедало а, лоьраша а, лаахь а, ца лаахь а ян еза боху вакцинаци.

Цакхетарг кхи ду, масала, Оьрсийчохь, бер дуьненчу даьллачу деношкахь пехийн лазаршна дуьхьал БЦЖ олу маха туху.

ХIетте а, статистийн жамIашца, Оьрсийчохь хIора шарахь I20 эзар гергга стаг ле туберкулез олучу цамгарх.

ТIаккха оьший-те, чIагIъяланза иммунитет кхерамна кIел а хIоттош, хIинцца дуьненчу деанчу берана, мехий деттийта?

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG