ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхо къасто аьтто ца баьлла


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан Лаккхара суд.
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан Лаккхара суд.

Суьдхойн говзалла къастон лаккхарчу комиссион аьтта ца баьлла Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхо къасто. И дарж къовсуш вара ши кандидат – карарчу хенахь коьртачу суьдхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Мурдалов ТIахIир а, Гуьмсе гIалин суьдан гIантда Гардалоев Iалавди а.

Комиссин декъашхойн Мурдаловга хаттарш дацара, ткъа Гардалоевн йиша Францехь ехаш хиларна тIе тидам бахара цера. Цу кепара Гардалоевга цхьа хаттар делира цара, йиша Францехь хIунда ехаш ю хьан аьлла? Кандидато жоп делира, «иза шен кIантана тIе дIаяхана ю» аьлла.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо а, Оьрсийчоьнан суьдхойн кхеташоно а гIортор йинера шина а кандидатана. Коллегин декъашхой дагабевлира вовшашца, амма царшиннахь цхьаъ харжа аьтто ца белира церан.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхочуьнан гIант дассаделира 2016-чу шарахь Гезгмашин-баттахь, Каратаев Мохьмада Кадыров Рамзана шена критика йича шен лаамехь иза дитинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG