ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шашлык-Машлык" фестивал хир ю Соьлж-ГIалахь


Беларуси -- Минскехь а бу кIегашна тIехь жижиг даттаран говзанчаш, 25Гезг2016
Беларуси -- Минскехь а бу кIегашна тIехь жижиг даттаран говзанчаш, 25Гезг2016

Охан беттан 22-чу дийнахь Кадыровн майданахь дIахьура ю шашлыкан фестивал. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Ростуризм урхалло. Цу урхаллан векалша бинчу хаамца, цу акцин цIе хир ю «Шашлык-Машлык олу дуьненаюкъара туризман а, жигара садаIаран а фестивал.

Фестивал вовшахтухуш ю Федералан туризмехула йолчу агенталло а, Нохчийн республикан Iедало.

Цига кхайкхийна бу Нохчийчура а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, Юккъерчу Азера а, ГIажаройчура а, Болгарера а, Сербера а, Испанера а, Эрмалойчура а, Гуьржийчура а, Азербайджанера а, кхин йолчу регионашкара а кIегашна тIехь жижиг датта говзалла йолу кхачанчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG