ТIекхочийла долу линкаш

Теркйистехь Оьрсийчоьнан эскарш гучудовлар доьзна ду Ставрополан махкахь тIеман Iамораш долорца. Марш Радион корреспонденто бинчу хаамца, Калаусан а, Маковкан а, Горагорскан а, Бена-юртан а бахархой саготта бара цIеххьана шайн ярташна уллеэскарш дIахIиттарна.

Царна хетарехь, уьш цу кIошта тIеоьзнера тIемалой лохуш леррина операцеш дIаяхьар Iалашонца.

Кавказ.Реалии ресурсо бинчу хаамца, цу регионехь дIадолийначу тIеман Iаморашна куьйгалла деш ву Оьрсийчоьнан Эскаран КIилбан тIеман гонан буьйранча инарла-полковник Дворников Александр. Хьалха иза вара Оьрсийчоьнан Шемахь долчу тIеман дакъойн буьйранча.

XS
SM
MD
LG