Iамеркан пачхьалкхан секретар хиллачу Олбрайт Мадлена дIахьедар дина, Ислам дин тIеэца кийча ю ша аьлла. Цунах лаьцна цо яздина шен Twitter--хь.
"Со католикийн динехь кхиина ю, тIаккха Епископан килсе дехьаяьлла со, цул тIаьхьа хиина суна сайн доьзал жуьгтийн динехь хилар. Ислам тIеэца кийча ю со, дакъа кхачар гойтуш", - йоза дитина Олбрайта Твиттерехь.
Цо цу тайпа дIахьедар даран бахьана дара Iамеркан президент Трамп Доналд коьртачу декъана бусулба пачхьалкхашкара мухIажираш Цхьаьнатоьхначу Штаташка чубитар лахдар хьокъехь низам тIеэца дагахь хилар.