ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алаудинов Апти: Нохчийн кегийрхой Шема дIаэхар лахделла


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта Алудинов Апти.
Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта Алудинов Апти.

Нохчийн кегийрхой Шема дIаэхар лахделла аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметто Алудинов Аптис.

Цо чIагIдарехь, и кхиам хиларан бахьана ду низамаш лардечу органаша профилактика еш бина болх.

Алавдиновс дийцарехь, стохка Шемарчу тIеман тобанех дIаькхетта Нохчийчура 19 стаг.

Экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал болх беш ницкъаллин структураш цхьаьна болх бан беза муфтиятаца аьлла хета полицин хьаькамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG