ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовна тIехIоьттина Нухажиев


Нохчийчоь -- Нохчийн омбудсменана Нухажиев Нурдина (аьрро) хетарг кест-кеста цхьаьнадогIуш хуьлу республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а (аьттоагIор), цуьнан Iедалерчу нахана а хетачуьнца.
Нохчийчоь -- Нохчийн омбудсменана Нухажиев Нурдина (аьрро) хетарг кест-кеста цхьаьнадогIуш хуьлу республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а (аьттоагIор), цуьнан Iедалерчу нахана а хетачуьнца.

Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис гIортор йина нохчийн парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадана, динца йоьзна атрибуташ школашкахь лело бакъо луш низам тIеэцча дика хир ду аьлла.

Мордоверчу школехь йовлакхаш лелор доьхкуш хилларг а, Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министро цу хьокъехь дина дIахьедар а хьахош, Нухажиевс элира цу тайпа леларо кIоршаме йохайо бахархойн конституцин бакъонаш аьлла.

Йовлакхаш лелор дехкар санна долчу хIуманаша а, цу хьокъехь дечу дIахьедарша а къаьмнашна юкъахь а, тайп-тайпана дин лелочу нахана юкъахь а дов дакка мега аьлла хета Нохчийчура омбудсменна.

Йовлакх лелоро цхьанне а зе ца до боху Нухажиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG