ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьешо а йоккху хIусам эвхьаза


Бузова Ольга Соьлж-ГIалахь
Бузова Ольга Соьлж-ГIалахь

ХIара шо карадеачхьана хьеший эха боьлла Нохчийчу. КIира хьалха Дом 2 реалитин декъашхо Феофилактова Евгения хилира махкахь, кху деношкахь Бузова Ольгина хьошалла до нохчаша. Муха тIеоьцу блогерша Дом 2 Нохчийчу кхачар?

«Нохчийчохь цкъа а ца хилларг дуьне дууш вац, иза хан токхуш ву, дуьйла тхо долчу» бохуш, Керла шо даздан республике Оьрсийчуьра бахархой кхойкхуш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео яржийначул тIаьхьа, марш баьттIа, чухецабелла Соьлж-ГIала хьеший.

КIира хьалха еанера нохчаша суьйренашца сатийсаме ларъечу «Дом 2» проектехь дакъальцна модель Феофилактова Евгения.

Зорбанаша дийцарехь, Кадыровн йоIа, Модан Firdaws цIийнан куьйгалхочун Iайшатан лаамца кхаьчнера хьаша, цунан модельераша кхоьллинчу керлачу духарийн гайтамехь дакъал лаца.

Мехкан куьйгалхочуьнца цхьана шуьнахь са а къийрина, совгIатех йоьттина новкъаяьккхира Нохчийчоьнан куьйгалло, ша цатору хьаша санна Феофилактова.

Феофилактова Евгения
Феофилактова Евгения

Кху деношкахь, туьйранечу Нохчийчохь ю Дом 2 реалити-шоу дIахьош хилла Бузова Ольга.

Бахархойн дог-ойла яьржина юха а...

"Нохчийн мехаллин терзантIе бехкича, нахана сакхте го адамаш, муха кхойкхур ду махка?

Деккъа дIа оцу Дом 2 проекто гойтуш яц церан маьттазалла: леларца, боларца, маттаца?!"

Иштта гена даьлла дIахьош дов ду социалан машанашкахь.

Вукхара боху, "аш хIун дуьйцу хаьий шуна, уьш чIогIа Оьрсийчохь гоьбевлла зударий ма бу, социалан машанехь, Инстаграм схьаэцча, 8 миллион стаг ву, масала, Бузова Ольгин агIонехь дIаязвелла, церан тергоеш.

Доккха дозалла ду цу кепарчу нехан вайн махка бахка лаам хилар".

Цхьана декъо шеконашкахь кхобу Бузова Соьлж-ГIала яр.

Дукха хан йоццуш цуьнан лаамца а доцуш, цIийндас йитина Бузова, бохуш яздо цара, ткъа кеста «Терек» футболан тобанца матч хир ю, цуьнан цIийнда, гоьваьлла спортхо Тарасаов Дмитрий юкъахь волчу «Локомотивца».

Цундела, цхьа бозбуанчаллаш леладо цо, аьлла туьду дукхахболчу зударша Дом 2 проектан декъашхо Соьлж-ГIала яр.

Ша хьошалгIа кхаьчначу дийнахь, Бузова Ольгас Инстаграмерчу пенатIехь зорбане даьхна шен суьрташ а, видеош а.

Массо а суьрташтIехь бохург санна, коьртахь йовлакх долуш, еха кучамаш йоьхна гуш ю Бузова. Оцу суьрташна бухахь йозанаш дуьтучу нохчийн реакци дукха шога ю.

«Иза цкъа а яцара динах тешаш стаг, я яц иза бусулба а, хIетте а хIунда магийна цунна, кочахь жIара а йолуш, бусулба зударийн духарш а доьхна, дIа-схьа сетта» бохуш, кхийсарш йо махкарчу бахархоша-нохчаша а, Оьрсийчуьрчу бусулбанаха а.

Соьлж-ГIаларчу Кадыров Ахьмадна хIоттийначу монументна уллохь а ду Бузовас даьккхина сурт. «Инзаре туьйране ю хIара гIала» аьлла яздина бухахь.

Маца дуьйнна лору цо кхечу динан ламасташ, бохуш, бехкаш дохку социалан машанехь хьешана.

Иштта дагадоуьйту, цунна оьгIазбахначу наха, дахначу шарахь, Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкахь шен цIийндеца садоIучу заманчохь, цо шегара далийтинарг.

ХIетахь, Оьрсийчоьнан а, ингалсан а футболан ловзаршкахь, оьрсийн тобанан агIо лоцуш, эвхьаза духар тIе а доьхна, оьрсийн пачхьалкхан байракх лестош, Дубайн урамашкахь йолаелла лелла Бузова Ольга.

Социалан машанашкахь дастаме леларна шогачу критике йиллира Нохчийчохь тахана яхьа-йилла меттиг боцуш, лелон хьаша.

Цундела, нохчийн духарш а доьхна, йовлакх а тиллина цуьнан хьулъялар вайнехан ламасташна а, гIиллакхашна а тIехь кхардар санна хетарш а бац кIезиг.

Амма цхьабакъду, бахархошна хIуъа хетахь а, мухха тидахь а, тахь а, ца тахь а Дом 2 Нохчийчохь хилар, хьешана тайна шена дина хьошалла а, деллачу совгIатийн цIов а.

Бузова Ольга
Бузова Ольга

ТIетаьIIина бIаьстенан зударийн духарийн коллекци ю Firdaws модан цIийнан дизайнерша кечъеш. Оцу гайтаме кхайкхина ю Бузова Ольга а.

Гарехь, цуьнан Соьлж-ГIала яр тIаьххьара дац!

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG