ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненкон ямарта доттагIий


Емельяненко Федор

Ялхитта шо долчу Емельяненко Марияна тIелатар дина хилла ММА президентан Емельяненко Федоран доттагIийн дехарца. Цунах лаьцна хаам бина argumenti.ru интернетан сайто. Цу ресурсо дийцарехь, цу тайпа жамI хир ду моьттуш вацара цхьа а.

Таллам бича гучудаьлла и тIелатар дина хилар Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан сийсазвар Iалашонца.

Емельяненко Марияна тIелатар динера цуьнан ден а, низамаш а ца лардеш латарехь Соьлж-ГIаьлахь хиллачу къийсадаларшкахь дакъалаьцначу кхаа кIентан да волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а дов даьллачул тIаьхьа.

И тIелатар хиллачу меттехь камераша яьккхина йолу видео теллича гучудаьлларг ду зулам дина ала хIума хилла ца хилар бохуш, яздо argumenti.ru сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG