ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уггаре а кхераме доцу некъаш ду Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Бена боьду некъ.
Нохчийчоь -- Бена боьду некъ.

Къилбаседа Кавказан федералан гонехь уггаре а маьрша, кхерам боцу некъаш ду Нохчийн республикехь. Цул сов, Нохчийчоь юкъаяхана Оьрсийчохь маьрша некъаш хиларан рейтингехь хьалхарчу 5 меттигана.

Цу хьокъехь таллам бинарг ю «Оьрсийчоьнан некъаш кхераме доцуш хилийтархьамма» цIе йолу юкъараллан центр.

Цу талламехь Нохчийн республико дIалаьцна 4-гIа меттиг. Томскан кIошт ю Оьрсийчохь уггаре а маьрша некъаш долу регион. ШолагIа а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна Удмуртино а, Новосибирскан кIошто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG