ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина Iамеркаца дIахьош йолу политика хастийна Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Iамеркаца дIакхоьхьуш ю вуно нийса политика аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна Кадаровс яздина Инстаграмехь.

Цунна хетарехь, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташ Трамп Доналда а, Путин Владимира а Шоьтан сарахь телефонехула къамел дар коьрта хилам бара кху дуьненчохь цу дийнахь хиллачерна юкъахь.

Цу къамелан жамIаш, шина пачхьалкхана хилла ца Iаш, инзаре мехала ду ерриг а дуьненан юкъараллана аьлла хета Кадыровна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG