ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Трампна, иза Британе веъча, гойтийла дац Елизавета II"


«Трамп Британе ваийта мегар ду, амма гойтийла дац цунна Елизавета ШолгIаниг, иза эхье ду» - иштта ю Iамеркан президент кхушара шайн махка вогIург хиларх саготта волчу миллион сов британхочо интернетехь къобалйина петици.

Парламентехь листа петици дIакхачо оьшург дац 100 эзар аз а бен, цундела шинарийдийнахь хаттар дийцаредан дагахь бу депутаташ, хаамбо Би-Би-Си-но.

Цхьаьнатоьхначу Штаташка 7 бусалба махкара мигранташ ца бита Трампа къастамбарца айина британхоша шайн акци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG