ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сийлахь а, сийсаза а дIабоьхкина Шелахь белларш


Сийлаллин ламасташца дIавоьллина Шелахь тIематасадаларехь кIиранан буса велла ши полисхо – гермачигхо Муслимхаджиев Iела а, сиржаэвлахо Ахаджиев ИсмаьIал а. Шиннах а бисинчу доьзалшна цхьацца миллион сом делла Кадыров Ахьмадан Фондера, хаамбина мехкан полицин урхалло.

Ткъа вийначу кхаа тIемалочун - Мукаев Юнусан, Даргаев Сидекъан, Эмедиев Бештон - декъеш дIадоьхкина цIейоцчу меттеге – иза къайлаяьхьина ю гергарчарех, боху Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Махкахбаьхна кхаа тIемалочун доьзалш а, дIахедийна царна Iедало кхачош хилла социалан гIоленаш а, хаамбо Шеларчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG