ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Авдеевкехь тIемаш бу дIабоьлхуш


Донецкна гергарчу Авдеевка гIалина гонаха тIемаш лаьтта. Украинан агIоно бечу хаамца, сепаратисташа пайдаоьцу яккхийчу тоьпех, минанаш кхуьйсучу герзах.

Киево леткъамаш бо, сепаратисташ «дуьхьаллаьтта тийналлина, реза ца хилла шайн накъостийн декъий дIалехьон», бохуш. Яхначу буса, Киеверчу хьостанаша бахарехь, Донбассерчу оьрсийн дакъоша «Град» герз тоьхна бахархойн гIишлошна тIе, дохийна массех цIа, лазийна нах бу маьршачу бахархошлахь а.

Шинарий Iуьйранна сепаратисташ гIоьртина Авдеевкана уллера индустрин куп дIалаца, дараш ду шина а агIор. Авдеевкехь хедийна тоькан серий, гIала яьккхина йовхонах.

Машаран хьал дохорна украинахой бехкебо сепаратисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG