ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-хочун да кхобу Нохчийчохь лаьцна


Бахначу беттан 11-чу дийнахь бевзаш боцчу ницкъаллин декъерчу наха вигина, вайна ву Шелара воккха стаг Рашидов Мовсар, ДАIИШ-ехь волчу кIентан да.

Нохчийн университетан географин факультетехь хьехна, тIаьххьарчу хенахь экологин центрехь болхбина ву Рашидов Мовсар. Доьзална хетарехь, воI цIаверзийтархьама лаьцна кхобу да.

Кадыровс бахарехь, Рашидов Мохьмад, Мовсаран воI, хилла Шелара кегийнах ДАIИШе ийзош. Дас телевизионашкахула масситтаза неIалт кхайкхийнера шен лаамна тIера ваьллачу воIана. Амма Шелахь тIематасадалар хиллачул тIаьхьа вигина, ца карош ву Рашидов Мовсар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG