Гуьмсан кIоштан депутатийн кхеташоно даржехь тIечIагIвина мехкан куьйгалхочо Кадыровс муниципалитетан коьрте хIоттийна волу Оздамиров Iусман. Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Куьрчалан кIоштахь тIематийсадаларш лаьттинчул тIаьхьа вохийра цигара буьйранча а, иштта, хийцира Гуьмсараниг а.
Куьрчалан муниципалитет елла парламентан кхечу депутатан кара – Абдулаев Iелин. Ткъа Гуьмсан кIоштахь префект Iийна Усмаев Вахит (ДжихIад) шен администрацин куьйгалхочун дарже хIоттийна Кадыровс.