ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши кIира ду Нохчийчохь ГIалгIайчоьнан вахархо лаьцна латтаве


«Мемориало» бечу хаамца, Алиев Анзор латтош хила тарло Нохчийчуьрчу Соьлжан кIоштан полицехь.

Бакъоларъяран центре Алиевн дас-нанас дийцина, шайн шолгIа воI Шемал Iедалан караваххалц аьлла лаьцна Анзор, бохуш. Нагахь санна иза кхочуш ца дахь, Анзор вен а вийна, иза террорхо вара аьлла кхайкхор ду бохуш, телефонаш етта шайга бевзаш боцчу наха, чIагIдо АлиевгIара.

2013-чу шарахь набахтехь яккха йоцца хан а тоьхна, иза текхна Алиев Шемала. Амма шен йоцчу цIарца паспорт а даьккхина, хьаьждан новкъавала гIерташ хилла, ткъа Нохчийчоьнан Iедало иза Шема тIаме ваха воллу аьлла, бехкала вигина, дуьйцу «Мемориало».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG