ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Робарт Джеймс - Трамп Доналд: хьенан бакъо тоьлур ю?


Сиэтлерчу федералан кхелахочо Робарт Джеймса президентан Трамп Доналдан мигрантех долу омра дохош тIеэцна сацам юхалистийта ойла ю шен, дIахьедина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло. И хаам баржийна КIайчу ЦIийнан пресс-гIоьнчалло.

Ерриг а пачхьалкхехь лела федералан кхелахочо тIеоьцу сацам. Цуьнца а догIуш, Трампа махка кхача дихкинчу 7 пачхьалкхан бахархой чубита кийча ю ша аьлла дIахьедира деношкахь дозанан урхалло. ХIинца ца кхеташ дуьсу, муьлха некъ лелар бу Iамеркахь – президентан омра я Робарт Джеймсан сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG