ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркоманица къийсало гIалгIайн жигархой


Наркотикаш юхаяха болчу лаамца леррина юкъаралла кхоьллина ГIалгIайчуьрчу МагIбекерчу жигархоша. Зуламе молханаш, беца юхкурш а, лелораш а Iора а бохуш, цаьрца кхетош-кхиоран болхбо юкъаралло.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:22 0:00
Линкана тIе


Масех бутт бен бац Малгобекан кIоштехь кегирхоша и тоба кхоьллина, амма хIинцале цуьнан жамIаш гуш ду. Наркотикаш юьхкурш кIезгабелла цигахь. Маха тухуш, кIомал узурш а, молурш а болуш бу, амма царна дан хIума дац, цундела, юьхкурш совцийча, оцу дIевшех кхетачеран могIарш стамлург доцийла хууш, цу хьокъехь болх бу дIахьош берг.

МалгIбек ХIирийн мехкан Мозалк-ГIалаца дозанехь ю. Цигара чуяхьаш ю наркотикаш. Дукхачу декъана иза лирика, бакласан, тропикамед олу, рецептаций бен луш долу молханаш ду. Дозанехь, шеко йолчу машенна тIехь а хьежаш, оперативан белхахой санна, кар-кара а луш, наркотикаш йохка хьалйоккхучу хенахь схьалоцу.

Оцу шайн тобанна дуьххьара йолу Iалашо и нах гIарабахар ю бохуш дIакхайкхадо, шаьш цхьанакхеттачу гуламехь. РогIераниг хилира кху деношкахь гIалан культуран цIийнехь. Цигахь дIа а кхайкхира шайн тобано йохьарлаьцна некъан коьрта бахьан.

Декъашхо: «200 стаг ву тхан группехь. Тхо лерина дара оцу нахана шаьш кхелаш ян. Тхоьга аьллера собар де, сатоха. Тхо сатухуш ду. Оха, дIабоху юьхкучаьрга, хIара хIума кхин дIа чекхадера долуш хIума дац шуна».

ГIалгIайн махкахь официала терахьашца 1 эззар ах эзар ца кхоччуш наркоман ву, лерина хуькмато билгалваьккхина. ДIадаьллачу цхьана шарахь 150 стаган алсам а даьлла иза. МалгIбекан кIоштехь 2016 шарахь 30 стаг гучуваьлла наркоман ву аьлла. Царех 6 стаг, массарна а вуйла а хууш волу. Ткъа, дIабаьллачу цхьана баттахь 8 стаг ву, шайна юкъахь 16 шо долу жима стаг а волуш.

Кегирхойн боламо болийначу балхана тIетайна кIоштан имам Батыров ИбрIаьхIим а. Цхьа барт а хилла, нах дIахIоттахь, наркомани дIаяьккхалура ю аьлла теша иза. Оцу хьокъехь цо иштта элира:

Батыров: «Вай массо а цхьа дегI а хилла дIахIоттахь, и зулам дIадера ду. Наркоман цхьана шена зулам дина Iаш вац. Иза Дала хьарам дина хIума ду».

Нохчийн юкъаралхочо Успанов Юнис а даре до, Нохчийчу а, ГIалгIаймахка а наркотикаш Мазлакъера чухьош хилар. Иза ша а оцу гIалахь вехаш ву. Вайнах санна, оцу дIевшан тIехиъна лулара кхин къаьмнаш дац аьлла, шега говзанчас дийцина элира цо Маршо Радиога ша вистхуьлуш.

Успанов: «Мазалкера дIакхоьхьуш ду и молханаш. Нахана дика хууш а дац цуьнах долу зуллам. Хьож ца кхетчхьана, мала а молий дIалела кегий нах. Соьга наркоконтролехь болх бечу цхьана оьрсийчо, вайнахан дуьхьала юккъеяьккхина аьлла хета шена, аьлла ду-кх».

Наркомани шуьйра яьржина хиларх, Iедалан хьукматаш, масала, полици кхоччуш болх беш хилар хьахо цхьанна а дага ца догIу МалгIбекехь. Хууш ду, дукхачу декъана, низамхойн куьйга кIелахь а болуш болх бо цхьаболчу зуламхоша.

Цундела, нехан цхьана лаамца хIума далахь тамаш хета гIалгIайн юкъараллехь. Малар духку туька, масала иштта жигархоша а, молланаша а Iаткъам а бина дIаьяьккхича, иза кхечу меттехь схьайиллина долахочо. Цуьнга, Оьрсийчоьнан низамелла тIехдаьккхина хIума ала а йиша яц нехан.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG