ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

400 стаг лаьцна Туркойчохь


Мехкан 13 кIоштара 400 гергга стаг лаьцна Турокойчоьнан полицино ДАIИШ-ца зIенехь уьш хиларх шеко йолуш, хаамбина HaberTurk телеканало. Терорна дуьхьалояран дакъоша иттаннаш рейдаш йина джихIадхой лохуш, нехан хIусамех хьоьжуш. Уггаре дукха лецна нах Шанлыурфа (150), Хонкара (60), Газиантеп (47), Бурса (46), Конье (37) кIошташкахь. Царех цхьа дакъа ду арахьарчу мехкашкара баьхкина беха нах. Лечначаьргара яьккхина ДАIИШ-о а, цунна тIекарло еш а арахецна литература, герз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG