ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо: "Со Шемахь вац, Гуьржийчохь ву!" (видео)


Нохчийчуьрчу Iедалх лечкъина Гуьржийчохь вехачу 31 шо долчу Абдурахманов Тумсос видео-кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу Iедале, цара ша Шемарчу тIамехь ву аьлла дуьненаюкъарчу лехамашка валарна. Цунна бехкедуьллу Iедало кхечу пачхьалкхан дозантIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна.

Оьрсийчоьнан Iедало чIагIдо Абдурахманов 2015-чу шеран гурахь дуьйнна Шемахь хилар, ткъа ша Абдурахмановс тоьшаллаш даладо, шен паспорт тIехь диттина мухIарш а гойтуш, Iедалша юьйцучу хенахь ша Казахстанера Гуьржийчу кеманца дIавахар.

Карладоккху, жимачу стеган дахар галдаьккхинарг цуьнан маж ю. Лурчах Iаьнан цхьана дийнахь иза, Электросвязь компанин куьйгалхочун гIовс, машенахь воьдуш, цунах бIаьрг кхеттачу Кадыров Ислама, мехкан куьйгалхочун администрацин буьйранчо, саццорх доладелира можаца дерг деста.

Карарчу хенахь Гуьржийчоьно политикан тховкIело яларе сатийсамехь веха Абдурахманов Тумсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG