ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Виленская: "Нохчашна цкъа а дицлур дац и де""


БухIан-юртахь оьрсийн милицино нах байина 17 шо кхачар Нохчийчохь терго а ца еш дитина, хьалха шерашкахь а санна. Маьршачу нахана дуьхьал зуламаш динарш бац я лехна а, я бекхамбина а.

БухIан-юьртахь 17 шо хьалха маьрша нах байар, дукхачу бакъонашларъярхоша мах хадорехь, адамаллин дуьхьал дина зулам ду. Цхьана дийнахь цхьа бIе герга стаг, доккхачу декъанна къаной, зударий, бераш дайаро, кхоччуш мах хадабо оцу зуламан.

Тахана иза хилла аьлча, тешар а бац цхьаберш. Оьрсийн омонхоша цигахь хIоттийначу къематдийнахь хиллачух юх-юха карладоккхуш, кхета хала ду, мичара яьлла адамашкахь иштта къизалла?

БухIан-юртахойн дегнашкахь дисина и бохаман де. Амма, Нохчийчохь цхьана а тайпанна билгалдаьккхина дац иза.

Цхьанна а тегIанехь ур-аттала, хьаха а ца до хилларг. Шайна терго еш ца хиларх дIабоьлла бахархой а. Наггахь, хIара санна долчу дийнахь, карладолу хилларг.

Шаьш кху пачхьалкхан бахархой а бац те, шайн хIунда ца хьосту дог, кхечу мехкашкахь цхьацца бохамаш лайначийн санна, аьлла Маршо Радиога дийцира, оцу бохамехь ваша вийначу йишас Маликас.

И зуламаш толлуш стагга а вац

Малика: «ДIадоьдуш гIуллакх дац тхан. Кхузахь прокуратурехь а тIеоьцуш а дац иза. Оьрсийчохь кема, хIурдан кема а чудахча, миллионашкахь компенсаци ло. Ткъа, шайн эскархоша тхо дайина доллушехь, дийца а ца дуьйцуш дуьту».

Нохчийчохь БухIан-юртахь I7 шо хьалха дина и зулам дицдеш дац, Петарбухара цхьаболчу юкъаралхоша. Оцу зуламан боцца бинчу талламо, къастийнера куьйгбехке берш оцу гIалара а, Рязанера а омонхой хилла хилар. Петарбухера юкъаралхочо Виленская Еленас шен накъосташца иштта билгалдаьккхина иза.

ХIора шарахь гулло тхо хIолламна гонах

Виленская: «Иза диц ца дан гIерта тхо. Халахеташ делахь а, нах кIезиг богIу. Селхана а дара тхо Соловкера тIулган хIолламан хьалхахь. И меттиг ю тхо даим БухIан-юртахь байинчеран сийна доьлхуш.

Вуьшта и меттиг политикан репрессешкахь байинчарна лерина ю. ХIора шарахь тхо доьлху цига. Массийта стаг хуьлу. Иза оха деш ду, и зулам диц ца дайтархьама, хIунда аьлча, и санна динарг жоьпаллан хан йоцуш ду».

Муьлха, мичара эскарш а, милицийн тобанаш а хилла хууш хилча, и гIуллакх стенна ца толлу, аьлла хетар ду Оьрсийчохь хьал ца девзачарна. Виленская Еленина хууш ду, хIунда ца толлу.

Ткъа бакъдерг хиъча - Iедална кхерам бу

Виленская: «Кхоьру таллам бан. Дукха гулделла хIума талла дезаш долу. Нахана тIаккха бакъдерг хуур ду. Ткъа бакъдерг хиъча - Iедална кхерам бу. Цундела ца толлу. Зуламхой дIалечкъа бо. Оха кху тIаьхьарчу 2-3 шарахь жоп дехна Петарбухерчу полицин декъе.

Тхоьга хьалххе жоп деллера прокуратуро а, Талламан комитета а, шаьш цхьана а тайпа информаци цуьнах лур яц, тхо зен хилла агIор йоцудела».

Нах оццул къиза байар, 17 шо даьлча а, хIинца хьуна хIун бахьана хилла аьлла хета? Петарбух - Оьрсийчоьнан интеллигенцийн коьрта шахIар ю аьлла юьйцуш ма ю. Муха, мичара бевлла и нах, цара хIунда дина те и зуламаш, аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира юкъаралхочо Виленская Еленас.

Адамаш ма дац и динарш

Виленская: «Сан коьртачу а хоьаш дац иза. Иза чIогIа маьттаза, кIоршме хIума ду. Уьш омонхой ма хиллий. Уьш эскаре бигина болу кегирхой ма ца хилла.

Уьш шаьш мича доьлху а хууш, хIун омранаш кхочуш дан деза а хууш, баккхий а болуш нах хилла. Иза фашисташ гайтина акхалла ю. Кхиин хIун эр ду цуьнах? Уьш кхеташ хилла хIуъа а дича а, шайна доькхур доцийла.

Пропаганда а болх беш хилла. Конституцин къепе хIоттош хилла уьш. Цундела шайна лууррг дина-кх цара. Мел волу нохчо царна террорхо хеташ хилла. Адамаш ма дац и динарш».

Виленская Еленас а, цуьнан накъосташа а кхоьллина дIахьош ю, БухIан - юьртахь хиллачу бохаман лерина сайт. Цара иза деш ду оцу эвлара цхьаболчу бахархошца уьйраш а йолуш. ТIаьхьарчу шина - кхаа шарахь, хаъал къовлабелла нохчий. Хьалха санна майра дийца ца хIутту уьш. Ша а кхета царех, аьлла билгалдаьккхира цо.

Историн иэс нохчийн чIогIа ю.

Виленская: «Бист ца хуьлу уьш. Кхоьру. Наха лайна баланаш, гергарнаш а байина церан. ХIинца, шайна кхиъ нах байита а, шайна таIзар хилийта а ца лаьа царна. Амма дагахь лаьтта массарна. Хууш а ду хилларг.

Дицдина а дац. Историн иэс нохчийн чIогIа ю. Дицдийр дац цара иза. Ас а дицдийр дац! Сан когаш дIа мел лела, хIора шарахь цига яха а йоьдуш дагалоцур ду ас и къематан де».

БухIан-юрт, Iалхан-юрт, Котар-юрт, Соьлж-ГIала, иштта кхин дIа а, меттигашкахь оцу цхьана IаьнтIехь 17 шо хьалха маьрша нах байина.

Царех цхьа а зуламаш динарш жоьпе озор-м хьовха, мелхо а Iедалера баркаллаш хилла. Церан баьччашна инарлийн седарчий а делла.

Ткъа леладой цара уьш дозаллийца, шаьш санна герзаца дуьхьало ечу стагна тIехь толам баьккхина аьлла?

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG