ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу школашкахь металлодетекторш хIиттош ю


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека массо а школашкахь металлодетекторш хIиттон еза аьлла, тIедиллина. «И гIирс дIахIотториг мехкан бюджетера цхьа сом дойур дац, доьшилийн гIишлошъярхоша шайна тIелаьцна харж», аьлла дIахьедо Евкуровс.

Дахначу шарахь зорбанаша яздира, Къилбаседа Кавказан мехкаш кхиорехь, пачхьалкхан программица а догIуш, Оьрсийчоьно ГIалгIайчоьнна щколаш, берийн бошмаш а ян 310 миллион ахча делла хиларх. Евкуров лерина ву оцу школашкахь металлодетекторш яхка.

Иштта хадархой керлачу гIирсах пайдаэца Iамош кечамаш дIахьур бу. Цул совнах, дукха хан йоццуш йина яьллачу, амма хIинца а болх бан йолаялаза Магасерчу школехь регионерчу Iедалан металлодетекторо болх муха бо хьожуш, зераш дIадахьа Iалашо ю.

Оцу гIирсо дуьхьало йийр ю хийрачу нахана школачу бовлуш, SMS-хаамца берийн дайшна-наношна дIахоуьйтур ду бер школе схьакхаьчча а, школачуьра арадаьлла хан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG