ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу кхело яккхий хенаш кхайкхийна нохчашна


Москох лелхийтарш дан кечамбарна бехкебечу Ашаев Эльманна 5 шо, Байсултанов Асланна а, Межидов Мохьмадна а 15 шераш хан тохар дехна прокуроро. Хьалхо «Кавказан узел» агенталло яздарца, дахначу шеран гурахь теракт кечдеш бу аьлла шеконашца 10 стаг сацийнера Москох, царех кхоъ лаьцна витинера.

Полисхойн хаамашца, Шемахь «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобан Iаморашкахь дакъалаьцна хилла лецнарш. Ткъа церан адвокаташа бакъ ца дира кегийрхой бехкбеар.

Кхаарийдийнахь тIаьххьара дош хазор ду кхеле хIиттиначара, цул тIаьхьа суьдхочо шен сацам дIакхайкхор бу бохуш яздо ТАСС агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG