ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бурятера полисхой байарна бехкебо нохчий


ТIемалойн тобанехь лаьттинчу Ноьвр-кIоштарчу вахархочунна Ахмадов Мовлетна дуьхьал даьккхина бехктакхаме гIуллакх Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхеле дIакховдийна. 2007-чу шарахь Бурятин чоьхьарчу гIуллакхийн низамхой байинчу тобанца хилла аьлла шеконашца дуьхьал даьккхина цунна и гIуллакх.

Талламчаша чIагIдарехь, оцу тобан декъехь хилла кхин а Ноьвр-кIоштан масех вахархо: Басханов Рустам, Хасенов Хьусейн, Омаров Олхазар, Хаджиев Махьмуд, Ахмадов Мовсар а.

ТIаьххьарниг 2008-чу шарахь оццу кIоштахь лерина операци дIахьочу хенахь вийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG