ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь хиллачу ММА летарийн жамIаш кийча ду


Соьлж-ГIалахь дIадаьхьначу берийн латарийн хьокъех талламаш берзина Оьрсийчоьнан спортан министралло, тIейогIучу хенахь шаьш дина жамIаш берийн бакъонаш ларъечу урхаллана довзуьйтур ду аьлла, дIахьедина берийа омбудсмено Кузнецова Аннас.

Стохка гурахь Соьлж-ГIалахь (MMA) Grand Prix Akhmat летаршкахь бераша дакъалецира. Оцу турнирехь Кадыров Рамзанан кхаа кIанта толамаш бехира.

ММА президента Емельяненко Федора и латарш критике даьхнера.

XS
SM
MD
LG