ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковера десантникийн гергарнаш бу Нохчийчу богIуш


КарабогIучу баттахь Псковера делегаци ю официалан Iалашонца Нохчийчу йогIуш аьлла, хаамбо махкарчу куьйгалхочун администрацин пресс-гIоьнчалло. ТIеман шерашкахь Нохчийчохь эгначу десантийн сийнн жIара хIотточу барамехь дакъалоцур ду десантийн гергарчара а, Псков кIоштан губернаторо Турчак Андрейс а.

2000-чу шарахь Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертан лаьмнашкахь 76-чу дивизин десантникийн тIематасадаларш хилира Хаттаб коьртехь волчу тIемалошца цхьаьна.

ХIетахь Псковера 80 сов эскархой-десантникех хIаллакбира нохчийн тIемалоша.

XS
SM
MD
LG