ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша-шена тоьхна велча хIун хьалхадолу?


Интернетехь даьржина «Синий кит» олу, бераш тилкъаза а догIуш, шайна тIехь суицид йойту ловзар, схьагарехь, КъилбаСеда Кавказе а кхаьчна.

Оьрсийчохь 130 сов бера делла «Синий кит» олучу Интернетера ловзарехь. Цу юккъе кхиазхо а воьдий, хIора тIегIанехь цунна хьалха Iалашонаш а хIиттош, цо уьш кхочуш йича, аравала кхин гIора а доцуш, дуьсучу берана хьоьху, валар бен кхин некъ бац хьуна буьсуш олий.

Хийла бер, иштта делла. ХIинца иза КъилбаСеда Кавказе а кхаьчна. Нохчийчохь делла бераш дац и «Синий кит» бахьанехь, амма синтем байина дайн-нанойн, бохуш Маршо Радиога дийцира шина дешархочун нанас Хатуева Айманис.

Оцу керлачу хаамо массо а хьеревина

Хатуева: «ЧIогIа схьакхоьхьуьйтуш хьехамаш бу цу хьокъехь беш. Телефонаш берашка школе ма лелаейта бохуш дуьйцу. Ша верриг кхеравелла ву-кх цуьнах...».

Цхьа кIира сов хан ю, нохчийн юкъаралхоша а «Синий кит» олучу ловзарх иккхина бохам тидаме а эцна, цунна дуьхьалоеш болх болийна.

Школашкахь а, юккъерау доьшийлашкахь а, хьехамаш беш, царна и кхерам билгалбоккхуш лела уьш.

«Диалог» цIе йолчу цхьанатохараллан куьйгалхочо Аюбова Лайлаа, хаам бира, Нохчийчохь оцу ловзарх велла стаг вац, амма, хьалххе цуьнах болчу кхерамах дийцича, оцу чолхаллах кIелхьара довла а мега вай, элира цо.

Оцу зуламна дуьхьало ян еза вай

Аюбова: «Цкъачунна иштта хIума вайн Нохчийчохь хилла аьлла ца хезна суна. Амма цу тIехь болх бан беза вай. Бохам хиллачул тIаьхьа хала хир ду. Цундела берийн доьшийлашкахь хьоьхуш болх беш бу-кх оха».

ХIирийн махкахь Дигоран кIоштехь а оцу «Синий кит» ловзарх зен хилла. Буру-гIалахь йоI елла ша шена хорам бина, ГIалгIайн махкахь а иштта ши кхиазхо елла.

Оцу ловзарна юккъахь а болуш и бохамаш хиллийла хууш ду синхаамийн говзанчашна. ХIинца ХIирийн махкахь шуьйра болийна болх бу берашца а, церан дай-наношца, къаьсттина оцу хьокъехь.

И санна, кхераме ловзаршна юккъе бераш дало атта хуьлу зуламхошна. Ша цхьалха долу бер, шен ойланашца къовладелларг юьхьарлоцу цара, аьлла Маршо Радиога дийцира ХIирийн махкарчу психолога Дзгоева Маринас.

КIезиг хан яйийта еза берашка компьютерна хьалха

Дзгоева: «Мел долу бера дац иштта цу юккъе доьдуш. Уьш къовладелла, арахь доттагIий боцурш, доьзалехь цхьа бала берш. ТIаккха Интернетехь цо лоху шена оьшург.

Дуьххьара цигахь тIеоьцу уьш, хьаста а хьосту. ТIаккха бохаме доьрзу. Интернет во хIума яц. Цо бераш кхуьуьйту, амма кIезиг хан яйийта еза цунна».

Психолога Дзгоева Маринас билгладоккху, шай бераш оцу кхераме ловзаршна юккъе ца дахийта, дайш-наноша хIун дан деза.

Берашца сема хила веза

Дзгоева: «Дуьххьара дIа шен берашца къамел дан деза. Къамел ду олийла дац, "тахана школехь хIун дара?", "ахь дIа муха йийциира урок?".

Иза Iуналла дар ду. Къамел бохург ду, бераца охьа а хиъна, эшаршка ладогIар, фильме хьажар, юха иза йийцаре яр. Юкъаметтигаш хила еза бераца. Баккхийчеран хан ца хуьлу иза дан. Беранна гIо дан деза. Иза ду коьртаниг».

«Синий кит» ловзарна тIаьххье кхин цхьа ловзар а юккъедаьлла Оьрсийчохь. «Вада, я ле» олург ду иза.

Цуьнан коьртаниг ду, новкъахь йоьдучу машенна ма хуьллу хьалхахула дIавадар. Кхиахь - чекхволу, ца кхиахь - ле машенна буха а воьдий.

Нохчийчохь цу тайпа ловзарш атта ца даьржина. Эмо, готы олу кегирхойн субкультуран агIонаш цкъа юккъеевлера, амма дукха сихонца дIаделириа иза, юккъаралехь емалдарца.

«Синий кит» олу кхераме ловзар даьржар ду аьлла ца хетало, амма муьлххачу адамийн санна меттигерачу кхиазхойн кийрахь а бу баланаш, бийцарх а тешар боцуш.

Уьш бу и ловзарш юккъедаьхначара дуьххьара юьхьарлоцурш.

XS
SM
MD
LG