ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуманитаран гIо кхачийна Кадыровс Шема


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь дIахьедо, регионерчу фондо Шемарчу бахархошна 10 тонн кхачанан сурсаташ а, кхин а гуманитаран гIо а кхачийна хиларх.

«Кху деношкахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дIакхачийна кхачан сурсаташ а, бедарш а цигарчу волонтераша дIасаекъна мухIажирийн каппашкахь» аьлла яздо Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG