Нохчийчуьрчу дешархошна доьхкуш ду дешаран хьукматийн дозанаштIехь смартфонех пайдаэцар. Махкарчу Парламенто кечъеш ю цу кепара низаман проект. И сацам тIеэцар дозу хьехархочунна урок дIаяхьа новкъарлоеш хиларца а, кхи а дуккхаъ а проблемаш сматрфоно шеца йохьуш хиларца а.
Цул совнаха, депутаташна хетарехь, психологин кхерам а бохьу берашна Интернето. Парламаентан инициатива къобалйина дешаран, Iилманан министралло а.
Карладоккху, хаамийн гIирсашкахь резонансе делира «Iожаллин ловзарш» олучу зуламо социалан машанашкахь кхиазхой шаьш шайна тоьхна лечу хьоле балор.