ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty: Казахстанехь дешан маршо йоьхкуш ю


Kazakhstan -- Internet restrictions in 2015, cartoon (caricature) by Ansa Mustafa
Kazakhstan -- Internet restrictions in 2015, cartoon (caricature) by Ansa Mustafa

Казахстанехь социалан машанашкахь дешан маршо талхар билгалдаьккхина Amnesty International дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн организацино. Еарийдийнахь оцу юкъаралло зорбане яьккхинчу рапортатIехь бина и хаам.

Доккхачу декъанна дуьйцурш ду, дукха хан йоццуш Казахстанан Iедало цхьацца йолу сайташ йоьхкуш тIеэцна керла низамаш. Казахстанехь стохка дуьйнна интернетах пайдаоьцучара «къоман кхерамзаллин сертификат» дIахIотто деза. Цо аьтто бийр бу Iедалан къоманна тIехь Iуналла латторехь.

Amnesty International организацино чIагIдо, оцу низамаша Iедална бакъо ло административан а, зуламе а бехктакхаме гIуллакхаш дуьхьал даха Iедална резабоцучу бахархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG