ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦIе хийцича мукъна а ловзур яцара -те "Терек?"..


Юьхьанца "Динамо", "Нефтяник", ткъа 1958-чу шарахь дуьйнна "Терек" цIарца дуьненна а евзачу тобан цIе хийцар дийца долийна Нохчийчохь.

Ши де ду 1958 шарахь дуьйна лаьттинчу тобан цIе хийца мега аьлла дийцаре даьккхина. Дуьххьара цуьнах хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан сайтан тIехь.

Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ден Ахьмадан цIе цунна тиллар оцу тобан куьйгаллан карахь ду, шена гIуллакх долуш хIума дац иза аьлла.

Ткъа, шен агIор, «Терекан» президента Даудов Мохьмада динчу дIахьедарехь, фанатийн дехар ду цIе хийцар юкъадааккхар

Ши де а ду «Терек» тобан фанатийн агIонаш тIехь доккхачу декъанна къобал деш дац цIе хийца мега бохург.

«Терек» цкъа хилла ю, даима хир а ю», аьлла цу хьокъехь дIахьедар а дина дукхачара. Теркан кIоштехь вехачу Хатуев Салманна хетарехь, цIе ша йолчохь йита еза.

Хатуев: «Дукха хан ю цу тобан шен истори йолу. «Терекца» ассоциаци ю вайн цIахь футбол юьйцучу хенахь. Кавказехь массо а маьIIехь охьадогIучу Терк хица йоьзна ма ю иза. Кавказан маьIне цIе ма ю иза. Ахьмад-хьажин цIе тилларх дукха нах нийса кхетар бац. И цIе я йогIуш яц футболца».

Дуьненахь адамийн цIераш атта туьллуш яц ишттачу спортан тобанашна. ТIаьхьарчу ловзаршкахь цхьацца къийсадаларш а хуьлу таханлерачу заманахь.

«Терекца» къийсалучу тобано сийсаза къамелаш дича муха тIеоьцур ду? Цуьнах ойла хIунда ца йина теша, аьлла хета нохчийн журналистна Лакаева Залинин.

Лакаева: «Суна масех де хьалха цIеххьана дагадеънера цуьнан цIе ца хуьйцуш а дика Iа хIорш аьлла. ХIинца иза дийца а долий. Ахьмад-хьажин цIе тиллина урамаш а, дуккха а меттигаш ма ю".

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь «Терекан» цIе хийца лааран бухахь дерг, оцу тобанехь кхоччуш хийцамаш бан лаам бен хIума ца хила а тарло.

Ловзур бацара те уьш и цIе хийцича а, аьлла хеттаршкахь ву Соьлж-ГIалара вахархо Сулейманов Олхазар. Цо иштта элира.

Сулейманов: «Дика ловзур бацара те уьш цуьнан цIе тиллича а? Рамзана дика ловзархой а эцна, дика тоба кхуллур яцара те?»

ЦIе хийцича уьш гIоле ловзург хиларна сатийса ца оьшу аьлла хета футболезархочунна Лакаева Залинина. Футболисташ кхио беза, тIаккха кхиамаш хир бу, элира цо.

Лакаева: «ЦIе хийцарх мотиваци хир ю аьлла ца хета суна. Уьш иштта а вуон лелош бац Рамзана. Иза вайна массарна а хууш ду. Вай шортта кегий бераш ду похIма долуш. 15-16 шо кхаьчнарш а бохуьйту цу юккъе. Харжа а хоржуш, ловзархой кхиабе цул а».

«Терек» тоба тахана 6 меттигехь ю, Оьрсийчоьнан футболан чемпионатехь.

И къиийсадаларш дIадоьрзур ду Стигалкъекъа - баттахь.

Оцу хенахь къаьстар ду, "Ахмат" ю иза я ша ма хиллара «Терек».

XS
SM
MD
LG