ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иштта цхьа истори хила еза хьан, ца хилча хьуна тховкIело ца ло“


Оьрсийн ФСБ-но шерашкахь шен айкханчаш хьежийна Германе, уьш нохчийн мухIажирш болуш санна аьлла чIагIдо Оьрсийчоьнан Федералан Кхерамзаллин Сервисан белхахо хиллачо немцойн телевизионехь.

Оьрсийчоьно Германехь а, йоллучу Малхбузехь а къепе йохорхьама а, кхераме, адамаш Iададо хьал хIотторхьама а лелош долчу питанех лаьцна кест-кеста дуьйцу немцойн бевзаш болчу кхерамазаллин аналисташа а, къайлахчу сервисийн векалша а, журналисташа а.

Амма кхаари сарахь немцойн коьртачех ЦДФ цIе йолчу телеканалехь гайтина йолчу филмо хIинцалца схьа цу кепарчу дийцарех ца тешаш я уьш мелла а тIедетташ дуьйцуш ду аьлла хеташ хилларш а тешийна хила декхар ду.

„Путинан шийла тIом“ цIе йолчу документала филмехь дукха хан йоцуш Оьрсийчуьра ведда, Германе схьаевеанчу Федералан Кхерамазаллин Сервисан цхьана лакхарчу эпсаро эвхьаза дуьйцура, дуккхаъчу шерашкахь цу ша болх бинчу къайлахчу сервисо Германина дуьхьал бечу питанийн тIамах лаьцна.

Иштта, полковникан дарже кхаччалц цу шех доца ФСБ олучу сервисехь карьера йиначу, филмехь дийцарехь, цу къайлахчу сервисан уггаре а тоьллачу, Путинан уггаре а гергарчу гонехь болчу 50 стагах цхьаъ волчу цо дийцира журналисте Кох Эгмонде, шерашкахь нохчийн къомах болу нах оьрсийн къайлахчу сервисо Iама а бой, мухIажарш шаьш болчуха моттаргIа а еш, Германехь тховкIело йоьхучаьца дIа а оьйтий, цу махкахь къепедацарш лелон а, питане белхаш бан а хьажош хиларх.

Ша шех Игор олуш волу и къайлахчу сервисийн эпсар хилларг, журналисташа бинчу талламашца, билгала Федералан Кхерамазаллин Сервисан лаккхарчу гонера хилла ву.

Документашца а, сарташца а, - ур-аттала, Патрушевца а, Бортниковца а даьхна долчу, ткъа иштта цхьа могIа инсайдершна бен хаа йиш йоцучу информацешца а тоьшаллаш динера цо ша дуьйцучунна, ткъа шайн агIор немцойн журналисташа Оьрсийчохь а, Латвехь а, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а талламаш а беш, цо дуьйцург бакъ ду-дац литтинера.

Цо камершна хьалха гучуяьхначу къайленехь коьртанаг – бIеннаш нохчийн кегирхой, къаьстина къона спортхой, оьрсийн къайлахчу сервисаша шайн агIор а бохий, Германехь тховкIело еха хьажош хилар яра.

Деталашкахь шаьш и болх муха бора а дийцира цо – шаьш кечбина кегий нах царна Оьрсийчохь Iедалша ницкъ беш хиларна тоьшалла деш харц документаш а лой, царна некъана оьшуш долу ахча а, кхинболу гIирс а Iалашбойла уьш шаьш новкъабохура бохуш.

Цул тIаьхьа, Германе и шайн агенташ схьакхаьчначул тIаьхьа, нийса цхьана шарахь шаьш цаьрца зIе ца йо бохура цо, немцойн Iедалийн шеконаш ца кхоллаялийта. Ткъа шо дIадаьллачул тIаьхьа царна хьалхара белхан Iалашонаш дIа а луш, цаьрца жигаралла дIайолайо шаьш, оьрсийн къайлахчу сервисаша.

Оьрсийн леринчу сервисан полковнико журналисташка дагаршдийцар тергалдеш хиллачу Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочунна Исханов Хьусейнна дика девзаш ду программехь дийцаре динарш.

ХIинцачул шо хьалха Австрерчу телевизионехь иштта цу оьрсийн айкханчех а, церан питанех а лаьцна дуьйцуш программа кечйира ша а, шен накъосташа а бохуш дийцира цо Маршо радионе, амма меттигерчу Iедалхоша и цу нахера болуш болу кхерам башха тидаме оьцуш бац хIинца а.

Исханов: „Вай, нохчий, и шпионаж гуттара цхьа лакхарчу тIегIанна тIехь, говза лелон хаарш а, говзалла а йолуш бац. Амма бакъду цхьа могIарерчу, лахарчу тIегIанна тIехь вайн кегирхой Iехон а, уьш шайн питанашна юккъе озон а кадолу церан.

Къаьстина цу спортехь болчу кегирхошца леладо цара иза, дийца шортта масалаш а долуш. Цуьнан Iалашо ю, кхузахь аренца хьалакхуьуш долу нохчийн бераш вайн къомана пайденна ца хилийтар,уьш Оьрсийчоьнехь ойла йолуш хилийтар.

Масала, цхьажимма спортехь кхиам хилла волчу жима стагах кегийчарна йоккха авторитет хета, тIаккха иза цIавоьду, тIаккха тIаьхьадисинчу берашна хетало, и гIаскхи-м иштта во а ма бац, цара-м хьенехан машен ма елла, ахча а ма делла, олий. ЧIогIа кхераме хIума ду иза вайн тIаьхьенашна“.

Немцойн ЦДФ канало цу махкахь оьрсийн айкханчех лаьцна дуьйцучу шен филмехь гайтира немцойн Конституци ларйаран хьукматан куьйгалхочуьнца Маасен ХIанс-Георгаца а, къайлахчу сервисийн аналистаца Фельштинский Юрийца а, Германехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал ша лоруш волчу Дугазаев Тимурца а, ткъа иштта цхьа могIа Германехь бехаш болчу, боккъал а оьрсийн Iедалийн а, эскарийн, векалийн а Iазапех бевдда болчу нохчийн мухIажаршца интервьюш.

Нагахь санна цу интервьюшкахь дакъалаьцначу цхьана гIеметтахIоьттинчу нохчочо ша шен Даймахкара вада везаран бахьана дуьйцуш шен нуьцкъалчу структураша вийначу кIентан сурт гайтинехь, Германехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал ву ша бохучу жимчу стаго къайла а ца хьош дийцира, шен накъостий а Германе догIучу хенахь Iедалшка доцу бахьанаш а дуьйцуш, бакъйоцу истореш а юьйцуш, шаьш шайна тховкIелонаш яьхна бохуш. „Иштта цхьа истори хила еза хьан, ца хилча хьуна тховкIело ца ло“, - элира цо вела а воьлуш.


XS
SM
MD
LG