ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махках ваьккхина Бахарчиев Асланбек кхелхина


Къано Бахарчиев Асланбек
Къано Бахарчиев Асланбек

«Кавказ.Реалии» сайто хаамбарца, кхаарийдийнахь кхелхина Бахарчиев Асланбек. Карладоккху, ГIура-беттан 21-чу дийнахь Пригородное кIоштахь Iедалан инициативаца вовшахтоьхначу гуламехь сацам тIеийцира БахарчиевгIеран доьзал, коьртехь цIе ца йоккху лазар токхуш волу Бахарчиев Асланбек а волуш, махках баха беза аьлла.

Митинг дIахьочех вара Кадыров Рамзанан гIоьнча Хийтанаев Мохьмад. БахарчиевгIар бехкебо церан Шемахь тIамехь волчу кIанта Бахарчиев Зеламхас буьйралла а деш, ГIура-беттан 17-18 чу а деношкахь полисхошна тIелатарш дар. Махках бевлларш ГIалмакхойчуьрчу церан гергарчу наха шайгахь дIатарбина хилла.

Кхелхинчу Асланбекан гергарчара дехар дина хилла Нохчийчуьрчу Iедале, шайн велла стаг иза ваьхначу юьртахь дIаволлийта аьлла. Iедало бакъо ца елла.

Еарийдийнахь ГIалгIайчуьрчу Аки-юртарчу кешнашкахь дIавоьллина Бахарчиев Асланбек.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG