ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно "ларамаза" байина туркойн эскархой


Шемарчу Эль-Баб гIалахь авиатохарш деш оьрсийн тIемалоша пайдаэцна Туркойчоьно еллачу билгалонех. Туркойн эскарш оцу меттигехь цу сохьта хила дезаш дацара аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

Еарийдийнахь Шемахь динчу кеман тохарша 3 туркойн эскархо вийна, 2 чевнаш йина. Оьрсийчоьнан тIеман министралло юкъара ца доккху шайн кеманаша туркойн тIемалошна тIе тохарш даран коьрта бахьана, Туркойчоьнан эскаршлахь барт боцуш хилла хиларх. Шайн къайлахчу хьосташна тIе а тевжаш, «Коммерсант» газетано бина и хаам. Шина а инарла штабо хьалххе цхьане билгалъяьхна хилла координаташ, аьлла яздина «Коммерсанто».

Туркойн эскархой байарх лаьцна Туркойчоьнан вице-премьеро Куртулмаш Нумана «ларамаза» нисъелла инцидент ю и аьлла. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ЭрдохIан Реджепца телефонехь хиллачу къамелехь кадамбина байинчарех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG